=====  "Wirds of Life", "Good News", "Gospl Songs" - Minor Languages Spoken in Kazakstan =====

Шешен тілі - Иса хикаясы.3gp

Nov. 10, 2022

Чеченский(Нохчийн мотт) - "История Иисуса".3gp / Chechen - "Jesus Story".3gp // 1 КОРИНТХОШКА 13 - Безамах лаьцна1Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурмая бекаш болу горгали санна хуьлу.2 Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похӀма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хӀумма а вац.3Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а, ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь,суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.4Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагӀ а ца хуьлу.Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу. 5Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгӀаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до.6Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета.7Безамо доллу хӀума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу.8Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду.Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дӀабоккхур бу.9ХӀунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу.10Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.11Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора.Жимачу беран санна кхетам а бара сан.Ткъа хӀинца со стаг а хилла дӀахӀоьттича,берийн хӀуманаш дитина аса.12Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го.Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна.Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац,ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду,со Далла вевзаш ма-хиллара.13Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду:тешар, сатийсар, безам.Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.

Listen Download
Podparadise.com neither hosts nor alters podcast files. All content © its respective owners.