=====  "Wirds of Life", "Good News", "Gospl Songs" - Minor Languages Spoken in Kazakstan =====

Шешен тілі - Атаусыз.mp3

Nov. 10, 2022

Чеченский язык - "Без названия".mp3 / Chechen Language - "Untitled".mp3 // ЯХЬЪЯ 1 - Дашах адам хилира1Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара.2И Дош юьхьанца Делехь дара.3Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.4Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра.5И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина.6 Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цӀе Яхьъя яра.7Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.8Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.9И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.10Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера,амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.11Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.12Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо.13Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.14Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.15Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».16Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла.  17ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.  18Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.

Podparadise.com neither hosts nor alters podcast files. All content © its respective owners.